ВЕСЕТ

Велча со аш дІаволлалаш

Хьомечу Украйнехь,

Лекхчу гу тІехь каш а даккхий,

Шуьйрачу цу арахь.

Йиет шайн йоцу шера ареш,

Днепран лекха бердаш

Гуш хилийта, схьахазийта

ТулгІеш гІоргІа гІергІаш.

МостагІийн цІий Украйнера

Сийначу хІордехьа

Доладелча... тІаккха со а

Ареш, лаьмнаш тІехьа

Дуьтуш гІоттур ву сов чехка

ГІур ву волча дела

Ламаз дан... ткъа хІетталц суна

Вевзаш вац и дела.

Со дІаволла, тІаккха гІовттий,

ГІоьмаш хедаелаш,

МостагІийн цІий Іанош дера,

ПаргІато чІагІъелаш.

Ткъа сийлахьчу, паргІатечу

Цу доьзалехь аш со

Виц ма велаш, хьахавелаш

Хазчу, дикчу дашца.

 

переклав Шайхі Арсанукаєв

Хостинг от uCoz